Аллах1умма Барик ас ма сатуьйсу рез хиларе❤️
Шуьйталг1а дакъа 🤍
— Са ма гаттаде, Элиза. Вайшим цхьаний чекхдокхур ду и дерриг а. Коьртаниг — вайшиа вовшашна тешаш хилар ду. Кхана собранехь гур ду вай, цигахь кхин а дика къамел дийр ду вайшим.
Телефон дӀаяьккхинчул тӀехьа, со Ӏаш йисира сайн чохь. ТӀехьашха хьоьжуш, суна гуш дара, хӀара дерриг а цхьа Ӏалашо йолуш хилар. Тамирлан — иза соьга кхаьчна совгӀат санна вара. Цуьнан соьга хьажар, суна сагатдар — и дерриг а суна дезаш дара.
Кхана Ӏуьйранна сатуьйсуш, со кхийтира: хӀара ду сан дахаран уггаре коьрта де. Собрани, Тамирлан, вайшин къамел — и дерриг а цхьаьна керлачу дахаран юхь хир ю. Сайн нанна а ас кхана дерриг а дийца деза, хӀунда аьлча, бакъдерг аьлча, иза а кхеташ хила еза, со хӀинца кхиъна юйла а, сайн дахар дӀахӀотто лууш юйла а.
Ӏуьйранна со чӀогӀа самукъадаьлла самъяьлла яра, хӀунда аьлча суна гуш Тамирлан вара. Сайн шадерг дина со яьлча, ас язйира:
— Со новкъа яьлла, Тамирлан. Со собрани яханчул тӀехьа ас хоитур ду.
— Дика ду, хьоьжуш ву со. Хьелур ю аьллам ца хета суна хьо.
Тхан собрани 14:00 даьлча юлуш яра, со кхиа езаш ю цӀа яха. Цхьан сахьтехь да елар тхан из, со сихъелира. Цуьнга «мичахь ву?» аьлла яздина, сихъелла газель тӀехь дӀаяхара со, Грозный молле.
— Де дика хийла, хьа юха тӀакха.
— Дала везийл, хьаь хийл, Тамирлан. Со хье ца луш цӀа кхача езаш ю, Тамирлан, сайн газель 18:00 тӀаьххьара хуьлу, тӀаккха тӀе кхиа еза са цунна.
— Дика ду тӀаккха. Яло хьал, «Макк Хаус» чу доьду вайшиа фастфуд юуш.
— Хаъ.
— Элиз, заказ е, охьахаий вайшиа?
— Аьтто хир ду, сразу.
— Элиз, хьун ма хаар, вайшим хьа хан ца хилчи, сразу дуьцур ду аьллаг хьахор ду. Вайшиа рез делахь, вайшим бахьан лелош делахь, диснаг шегахь дита аьлла Дала. Вайшим бахьан лелор ду. Вайшим май баттан хан йилч ху аьл хет хьун? Нах хье ца луш бохкитар бу вайшим, оц хена юкъехь хьай нан рез йа хьожур ю хьо.
— Мац бахкитар бах ахь нах?
— Цхьан батт чохь бохкитар бу, хан вайшим билгалъяьккхина ю: 1-чу майхь аьлла.
— Сунам хаац, Тамирлан.
— Хьо соьх ца тешаш елахь, са хьоьг болчу безамах ца тешаш елахь, цхьа хӀумма а олу ас хьоьга: хьо суна оьшуш адам дацахьари, хьо ас лоруш адам дацахьари, ас лелор дацара и хӀумнаш, ас хьахор дацара и. Хьун ма хаар, сай адам суна карийна, АльхьамдулилЛахӀ. ТӀаккха суна хаа, хьо сайца хан йокхуш муха хир ю, са цхьа а сомнени яц.
— Оьшуш адам суна ду хьо, Тамирлан, Дала суна делла совгӀат ду. Ас чӀагӀо йо хьоьца: йисан хан чекхъяккха. Со реза ю ахь бохчунна.
— Чекхдаьллакх и, вайшим ма алларе, цхьан баттахь нах бохкитар бу вайшим. Сатуьйсу ас хьа да реза хиларе.
— И аса а бахар, диканиг хир дацар техь?
— Дала мукълахь, Дала мукълахь. ХӀума кхала ахь, газель тӀе кхачалце дӀакхачор йо хьо.
— Дика ду тӀаккха.
Газель тӀе кхаччалц йолу хан, хӀинца цунна дуьненан уггар дезачу хенашкахь цхьаъ санна хийтира. ХӀаваан сирлалла а, хӀаваэхь лелачу мохо а, хӀинца цунна хьалхалерачул а кхин чӀогӀа хазахеташ дара. ХӀинца кхин дӀа а сатуьйсуш яра, хӀунда аьлча, хӀинца цуьнан дахарехь цхьа керла, амма чӀогӀа маьӀна долу мур болалуш бара.
Ешархой шун интересно дуй кхи д1а ху хилар, комментари хум яз ейш🫶🏻