Юх ца баьлла безам Нена хьехар💔 · страница 8 из 13
Страница 8 из 13

Нена хьехар💔

26 августа 2026, 20:21

БорхӀалгӀа дакъа 🤍

Мамица чай мал хиира со. Цо элира соьга:
— Элиза, мамас цхьа хьехар дийр ду хьуна. ХӀара дуьне ла аьттаъ дац, окха дуьненахь ца хуьлуш хума дац. И адам деза лой, цо корт хьовзбой, цунах теша а теши, цу маре дӀа а воьди, дакъаз волу. Цкъа ша оц йисан йолчу хен, дӀахьур болчу некъах д1а хьур болу, ху дог-ойла йолш хьур бу, и адам шеца муха хир ду, доьзал гучбаьлча цу доьзалца муха хир ду? Массо хӀуман ойла йина кичча хил веза. Яха дог-ойла кхоллаелла хьа, мамин лууш хӀу ду хаи хьуна, Элиз? Хьо декъал хилар, Дала са даго ма бох, хьо декъал хуьлийла лаьа хьа нанна. Са синах хьадаьлла жима са ма ду хьо, масситта юрт дехьа хьай ненах яьлла яхан хьо муха Ӏа йол?! Са дагахь хьо хьай везчух яккхари, хьо хуьтарен ца яхитари ма дац, Элиз. Хьо сайн уллехь хил лаар ма ду. Дуй биъна ца воьду оц маре, цхьа ши дош аьлча нех хуьлуш ю зуда. Дукха хӀуманах ларвала веза, олчух ларвала веза, хьа олчух ларвала веза, массо хӀумах ларвала везаш зама ю хӀара. Тахана хьо корт хьовзийна юй хаа суна, кирахь самукъадаьлла юй хаа суна, хьа самукъа дукха дуьлур ду, хьо расса аьлла маре яхан хало Ӏовш сиха ца елча. Са шортта ду хьоьга дийца, шортта историш ю хьоьга йица, хьо балха ях езар бахьана долуш дийца кхуьар яц со. Вайши а пархат яьлча ас дуьйцур дун.

Иштта хьехар дира суна мамас оц Ӏуьйран, со балха дӀайоьду аьлла со араелира. Тамирланиг яздира ас: «Ӏуьйре дика йойла хьа! Со балха дӀаюьдуш ю. Хьо самваьлча хоитар ахь». И бех некъ балха дӀакхачалц йоьлхуш яхара со сай нен хабар дагаоьхуш, амма цхьа хӀума дара: ойла шина екъан яра сан. Сай оцул дезаделла адам и хилча, оцул сай дог дуьзна адам и хилча, цунах яьлла Ӏе бах техь соьга мамас?!
Йоьлхуш дӀакхечира со балха.

Делкъена Тамирланс яздира соьга:
— Дала езийла, Элиз, хьа а хийла де дика! Со хӀинца самвели. Хьо хӀун деш ю? ХӀума кхаьлли ахь делкъан ю вайн?!
____________
Тамирланс яздича со урокехь яра, бӀаьргах хиш дойлира суна, дог Ӏовжадина сай нен хьехар дагатесан. Урок дӀаяьлча жоп делира ас цунна:
— Дала везийла! ХӀинца урок дӀаяьлла, ях большой перемена ю тха, колегшица ях йоьлш ю со хӀума кхалла. Хьа буьйса дӀа муха елира?
— Дика дӀаелира, шортта хӀума кхаллахь хьай, йоьлхуш ма лелахь, са даге лалур дацун хьо йоьлхуш гахь!

— Дика ду, тӀаккха, Тамирлан.

Цхьа кхо сахьт даьлча...

— Тамирлан, со цӀа юьйдуш ю. Сайн урокаш д1аевла, сингаттам чӀогӀа бу сан дагехь.

— Ас телефон тухун хьо оьций ахь?

— Хаъ.

— Алло! Элиза, хӀун сингаттам бу хьан дагахь? Хьадийца соьга!

— Ӏуьйран сайн нанас дуккха а хаза хьехар дина суна, Тамирлан. Сайн нене ладехча, уьш рез хирболчух тера ца хета суна. ХӀун дан деза ца хаа суна, дог чӀогӀа Ӏийжа сан.

— Самагат де, дикнаг хир ду. Ахь тӀе ма ийза, хӀумма а дац, Деле дӀало шадерг. Со хьо йолче вохур вара кхана. Балхара маца ер ю хьо?

— Сан кхана кхо урок бен яц, кхана хьалхе ер ю со.
-Кхана охьавохур ву со делкъенан центрехь шу вовшахкхетча, вай шиъ хӀума кхолуш хӀун аьлла хета хьуна? Дуккха хан ю вай шиъ цхьана хӀума кхалаза!

— Дика ду, тӀаккха, со реза ю. Кхане сатуьйсуш Ӏийр ю со.