Юх ца баьлла безам Дагна мел дезнарг дита дезаш йоху хан💔 · страница 9 из 13
Страница 9 из 13

Дагна мел дезнарг дита дезаш йоху хан💔

28 августа 2026, 06:57

Уьссалг1а дакъа 🤍

Тамирланиг къамелаш деш ц1а кхечир со, нан чохь яр. Со чу кхаьчча, аьл охь йиллира ас телефон. Мам мерз борщ йин йолш яр, тхо шадеш чу дахкале бохуш балхара, школера, колледжера. Оц некъахь хьа йохуш Тамирланс диц динера сун жим сахьийзар, сай нан гушшехь сингаттам боьсира кира, цо дина хьехар дага а тесна.

— Ма хаза хьожа йаьккхина ахь, хьо х1ун еш ю, яъ?!
— Борщ еш ю, дог (соьх массара ц1ерчара, дехойш, ненхойш «дог» олур, са де дас тиллина яр сун из), хьай ши куьг дила, переодеться дай, хьа йул х1ум кхалла.

Дик ду аьл, сай х1ум кхалла яхара со. Мамс х1умма а хьаха ца дира соьга, пархат яр со.
Кхана со Тамирланин т1е яха езар дагахь дар сун. Ас сой яха йолар алахь, дов хуьтар ду са ненца, х1ун ала мегар дар техь ас, бохуш ойла йора ас. Суна хаа, «балхара дохийтуш ду» эр ду ас семинаре, районо, т1аккха сагат дир дац цо.

Шоллаг1чу дийнахь сай балха яхара со, как обычно, ма яхара, нен подозрени ца кхетит кеч елла ца яхара со. Тамирланиг яза а дина, со балха юьдуш ю аьл, сих елира, сай самукъа дуьлуш, и гур вукх аьл, да яхара со балха. Балхахь цхьацца х1уман т1ехула дог эт1а дора са, делахь сай кирара бабочкаш ойла ца йойтура оц х1уман. Тамирланс яз дира соьга:
— Элиз, со новкъ ваьлла.

— Дик ду, Тамирлан, со цхьан ах сахьтехь ара ер ю, юртахь хилч сихо кхочар ю со хьоьлла цига.

— Дик ду, т1аккха ас хоитур дун, цхьа ах сахьтехь хьун диц ца далита.

Сай т1аьхьар урок да яьлла, балхара цхьацца кехаташ нис дира ас, елар со, пархат да г1ур ю сой аьл. Ма хаза хета-кх сун хьо вохуш, иштта мукъна жиммалци мукъна самукъа даьлла хьийзар бац те са кира, хар сингаттам д1а а баьлла. Тамирланс яз дира соьга, со ах некъ бина яьлч, ша хьа кхочуш ву, центрехь ву аьл. Со сай болар сих дин йахара центре, лоьхур ас из массанхьа, массо т1ех волуш волчу к1анте хьоьжуш, центрехь и б1аьргашца лацаре сатуьйсуш. Телефон туьхира цо соьга, веранда ресторан т1ехьа вун ша аьл, соьга хьоьжуш. Со сай наьрехь ю элира ас, сой чохь йолун аьл.

— Хьо муха ю? Елхам ца йилхина хьо? Суна ца лаьи, ма хаа хьун, хьа б1аьргара хи далит.

— Ца йилхина со, дик ду шадегг.

— Х1ун кхоллар яр ахь? Тахан ахь хаьржниг юар ю ас.

— Ооув, дик ду т1аккха.

Телефон туьхира соьга «Мама❤️», детлора са дог, со гуч яьлла хилахь ма могитар дац сун цо бохуш. «Хьо кхера яла, х1умма а дац, хьай мегиш хьа а эци, йист хил, пархат», элира соьга Тамирланс.

— Алло, мам, х1ун элира ахь?

— Дога, хьо мичахь ю? Д1ам ца кхаьч хьо?

— Кхаьчча ма кхузахь ю со, чу доьлхуш ду тхо, х1умма а ца хилла?

— Хьой чу йохуш цхьа ши бепиг да, алахь йолар со!
— Дика ду, дахьар ду ас, давай тӀаккха.

— Хума хала хума дарий хьо кхера яллал?

— Дам дацар из, массан цхьанни гина хиллехь, ишт тоьххи техь аьлла бахар ас.

— Хьа дийца хума решит диний ахь?

— Ха-ха, ца дина ас пока, сихъяла ца лаьа суна.

— Хьо кхера хума дац и цигахь, нах Ӏу бохуш, хьай дег чохь хил бах ала яьлла хьо.

— Яьлам яьлла хир ю со, и ала а ма ца яьхь соьга, со дӀа кхолар ю мамс.

— Кхоллар яцун, хума а эр дацун. Рез юй хьо?