Юх ца баьлла безам Дойзанч хена чохь дуьхьар гар❤️ · страница 4 из 13
Страница 4 из 13

Дойзанч хена чохь дуьхьар гар❤️

24 августа 2026, 16:48

Доьалг1а дакъа🤍

— Элиз, вайшин вовшах кхетаран хьокъехь хӀун аьлла хета хьуна?

— Со доьшчиге йа езаш ю. Со гӀала еача вовшах кхетар ду вайшиъ, хьо реза велахь.

— Со реза ву. Маца яха езаш ю хьо?

— Октябрь чекхболуш йоьду со цига. Гергара стаг ву сан, цаьргахь Ӏаш ю со, сесси дӀайаллалц. Ноябрехь йолалур ю сан иза.
— Дика хир ду тӀаккха.

Де дийне мел дели, вовше юкъаметтиг чӀагӀлуш яра сан Тамирланица. Сай сингаттам хӀинца болш бара сан дагчохь, кийча яра со массо хӀуманна.

ЦӀа ойла йича, делахь, гена даьлча да-дер дац техь, хӀар тхойшиъ цхьан доьгӀан дацахь. Ма хала хир ду-кх суна, гена даьлча да долуш хилахь. Т1е кхечира 31-г1а октябрь. Тамирланца вовшахкхетар ду аьлла де дара и. Дог ловза дуьйладелира сан, бакъ дерг аьлча. Хаза кечъелла, хаза малх санна хила лууш яра со, дуьххьара гуш ю-кх аьлла. Со ара йолуш язйира ас цуьнга: «Со ара йолуш ю, маршрутке т1е а яхана йог1уш ю со, сай деца. Цхьана сахьтехь кхочур ю со цига». Тамирлан генар ва везаш вацара (муьлха юрт ю дуьйцур ду ас юкъе кхаьчча), цундела и хьалхе д1а ца вахийта ас хаам бинера цуьнга.

Бех некъа ойла йора ас: муха адам ду те и? Иштта гуш, муха дог-ойла хир ю те цуьнан соьца? Муха хетар ю те со цун? Дукха х1умнаш ловзара коьртехь, цхьаьннан ойла йина ца 1алора. Со д1а кхачале элира ас: «Со д1а кхочуш ю», — аьлла. «Ша новкъ волу», — элира цо. Со д1а кхаьчча, «Грозный молл уллехь хир ю», — элира ас цига даг1о аьлла. «Ша цига ву», — аьлла язйира цо соьга WhatsApp чохь.

Со д1а кхаьчча, г1алин юкъехь лела маршрутки чуьра охьайоьссуш яра со. Язйира ас: «Мича меттехь ву хьо?» — аьлла. Дог ловза дуьйладелира сан, ша ара эккха кечъеллачунна санна детталуш дара и, саца ца кхочуш, хезаш иза бен х1умма а доцуш. И молл чохь лаьтташ вара, цо гайтинчу меттехь. Ц1а сецча лаьттара со, д1а хьоьжуш, т1е яхча х1ун ала деза сан бохуш. Т1аккха хьаьжира и со йолчу аг1ор. «Вай, со лаьтташ гахь, цхьа моьттур ду цунна», — аьлла даг деира суна, юла елира со.

— Де дика хийла хьан, юхаъ! Муха ю хьо?
— Дала везийла, хьан а хийла! Дика ю со. Хьо муха ву? Дукха хан яцара хьо хьа кхаьчна?

Цо шен бӀаьргашца со дӀа-схьа хьаьжира, цхьа атта, амма кӀорггера хьежар дара и. Цуьнан юьхь тӀехь хиллачу кеп-кепара ойланаш суна кхеташ яцара, амма цхьа хӀума билгал дара — иза а вара со санна ойланехь. Тхо шиъ цхьаьна дӀагӀоьртира, хӀаваэхь хиллачу тийналло тхоьшиннан дог-ойла кхин а чӀагӀйора.

— Со а дика ву, — элира цо, шен тата кӀезиг лах а деш. — Хьакхаьчна хан дукха яц, хьоьга хьоьжуш вара со.
Тхо «Грозный молл» уллехула дӀагӀоьртира, нах лелачу некъашкахула. Со ойланехь яра: «ХӀинца хӀун эр ду те? ХӀун дийца деза техь?» — бохуш, коьртехь дуккха а хаттарш дара. Амма Тамирланца хиларо цхьа аттало йохьура суна. Цуьнан хӀора дош, хӀора хьежар — дерриг а дара цхьа Ӏаламат хаза, даггара.

— Мац елла хир ю хьо, бех некъ бин? Хума кхалла гIой вайшиъ? Ху аьлла хета хьун?
— Мегар ду, хьо меца волчух тера ду. Мича метте доьду вайшиъ?
— Эца бульваре, цхьа хаза мох болуш, хаза хир дар арахь охьахууш меттехь, ху аьлла хета хьун?
— Дика хета суна, ишттачу меттехь самукъане хуьлу, доьлху вай тIаккха.

Цхьа хаза меттиг яра цига арахь, цигахь охьахиира тхойшиъ. Мерз-мел ег ийцира Тамирланс, «эхь ма хеталахь» бохуш соьга. Цхьа ша тайпа хуьлура цуьнца: самукъане вара, забарш яра, цIена, хаза, ухоженный волуш.

— Элиз, цхьан кхетта хилча, сурт-хума яккха еза вайшин, — хьо эхь хеташ ю, — велавелира иза.
— Эхьам ца хета суна сурт даккха, — охьахаал хаза воккха стаг санна, — аьлла, суьрташ дехира оха, хаза видео-хума йоккхуш. Дерриге дицдина, хаза къамел деш, хаза Iийра тхойшиъ.

— Хьуна хума еза? Мерзчух ху юар яра ахь?
— Ха-ха, хума ца еза, Тамирлан, мерзчу хуманан тIера яц со, ца еза суна иза.
— Ахьа бен олуш хезна дац суна и, жимма дулой вайшиъ кхузахь?
— Мегаш ду тIаккха.
— Хьо генахь Iаш юй окха меттехь?
— Генахь яц со, эца маршрутко кIета вахь йоссайо со.
— Ма дика ду иза, доьшучехьа лела улле хир ду хьуна тIаккха.

Иштта къамелаш деш, дуьлуш хан яьккхира оха.

— Тамирлан, со хIинца дIа цIа гIур ю, чурнаш сагатдеш хир бу суна.

— Дика ду тIаккха, хьийзор яц ас хьо, муьлхачу меттехь хьа йогIу хьа газель?