Юх ца баьлла безам Ху эр ду техьа цо соьга.🎀 · страница 5 из 13
Страница 5 из 13

Ху эр ду техьа цо соьга.🎀

26 августа 2026, 00:53

Пхоьалг1а дакъа🤍

— Эцца Грозный молл дуьхьал хьа йох.
— Хьал йохуг юй из?
— Ха-ха, яц, кхин цхьаъ хила еза.
— Лар йо вай т1аккха, хьал йохуг юй?
— Хаъ, ю, из ю. Тамирлан, Дала сах йойл ахь эццаг, со д1а йоьду. Гур ду вай т1ахь, хье ца луш, Дала мукълахь. Дала дика некъ войла хьо.
— Дала мукълахь. Хьо а йойла дикачу некъа.
_______________
Са газель хьаеана, со ц1а еара. Хаза де даьккхира ас Тамирланиц, самукъане дара, ша тайпа «бабочкаш» дара кирахь ловзуш. Сингаттам бацар, са ойла д1аяхана яра. Тамирлан дика к1ант волчух тер хет суна, цхьа шанс елча ху дар техь цунна? Юха и шанс яларна дохко ялахь, ху дир ду ас? Т1аккха г1оч х1уман ойла ца еш, жима хан мел йолу хьожур ю со, цуьнца соьца юкъаметтиг муха хуьлу. Дала яздина делахь, рицкъ хир ду са цуьнца. WhatsApp чохь сообщени еара соьга:

— Элиз, д1а кхаьччий хьо?
— Кхин цхьа остановка йисина са, хьо новкъахь вуй?
— Хаъ, новкъахь ву со, хьан видео т1аьхь хаза елчу эшариг ладуг1уш д1авуьдуш ву.
— Ааа, иза суна хаза хет, видео яккхий яитла суна, хаза машен чохь))
— Дика ду т1аккха, х1инца йоккх ас. (И видео ас отдельно чукхуссар ю).
_____________
Со чукхечир, сой чохь ю аьлла Тамирланиг яздина, ламазш дан яхара со. Доьшучу яха езаш дела, хьалхе д1айижа езаш яра со. Тамирланс яздира соьга:

— Элиз, хаза де даьккхира вайшим, хьом сурт т1аьхьчул а хаза яра реале, хаза, оьзда йистахилар, самукъане, совнах цхьа а х1ума доцуш хьайца. Иштта дика йо1 сайн нисъелла хаза хет суна))

— Эхь хет, — смайлик яхийтира ас. — Дика адам ду хьо. Хаза хет хаза дош аьлча.

— Хьо кхана яха езаш хилча, хьиз ца йо ас хьо, сада1 хьай, д1айижа.

— Дика ду т1аккха, 1уьйранна г1атта еза са, хьо кхана ц1ахь вуй?

— Хаъ, ву. Буьйса декъал йойла хьа.

— Хьа а йойла.

______________
Тахан хил ден ойла еш наб кхийтира суна, Аллах1умма Барик, ма хаза де дара из.

Со доьшучуьра яьлла, сай д1аяла езарг д1аелла, сай юрт д1аяхара. Тамирланс яздира соьга: «Га лаьа шен», — аьлла, ша юрт вог1ур вар аьлла. «Хьовсур ду вай», — аьлла, юккъе цхьа 3-4 де хан елира. Тха юкъаметтиг гена яьллера, вовше ларам, оьздангалла, г1иллакх долуш д1адоьдуш дара тха дистхилар. Цхьауза а вовше ца кхеташ ца хилира тхойшиъ. Цхьан дийнахь цо элира соьга телефон чухула дистхуьлуш, ше ал дезаш цхьа срочни х1ума дара аьлла!
— Элиз, хьоьга цхьа х1ума ала лаьа суна.
— цуьнан аз цхьа тамашен дара, амма цхьа ч1ог1а сагатдар а, доггахь хилар а гуш дара.
— Хьоьга ладуг1уш ю со, Тамирлан, х1ун хилла? — элира ас, сайн дог кхехкаш.
— Хьоьца хиллачу х1ора дийнахь, хьоьца дистхилча, со кхеташ ву хьо сан дахарехь хила езаш йолу йо1 хиларх. Хьоьца йолу юкъаметтиг цхьа ловзар яц суна, Элиз. Делахь цхьа хума ала лаьа сун, хьун мух хетар ду ала ца хаа сун, хьа мух мнени хир ю аьллан.

-Со хьоьг ладухуш ю хьа дица ахь хиллаг ху ду!