Юх ца баьлла безам Эццахь доьхун дол дог💔 · страница 6 из 13
Страница 6 из 13

Эццахь доьхун дол дог💔

26 августа 2026, 13:13

ЯлхалгIа дакъа. 🤍

— Элиз, хьуна ма хаар, цу кӀанте яхча бен ца хаа цу кӀентахь долаг, и муха ву, кхиа а кхиа.
Вайшин юкъа меттиг вайшинна тайна хилча, кхиа чӀогӀа чӀагӀ йича, ху дар аьлла хета хьуна?
Дахар — иза цхьаьна хӀума Ӏамор а, вовшашкара диканиг схьаэцар а ду. Хьан гӀалат цунна гуш хилча, цо и нийсдеш, хьан дог-ойла кхеташ, хьан сий-пусар латтош, хьан дахар хаздеш, иза хир ду хьан дахаран уггаре а доккха а, уггаре а мехала а хӀума. Ишттачу уьйрашкахь, хьан дагчохь дерг цунна хаахь, цуьнан дагчохь дерг хьуна хаахь, тӀаккха вайшинна юкъахь хир ду иза — цхьа чӀогӀа, цхьа а хӀуманна а дохолур доцуш долу ирсе дахар. Иза хир ду, хьан дахарехь уггаре а доккха а, уггаре а мехала а хӀума, хьан дог-ойла цунна тӀехьажар, цуьнан дог-ойла хьуна тӀехьажар, иза ду-кх вайшиннан ирсан бух.
Оцу ирсан бух тӀехь, хан мел йолу, кхиа а кхиаш, вовшашна тӀехьажар а, вовшашца къамел дар а, дешнаш доцуш вовшашца кхетар а — иза хир ду дахаран уггаре а хазачу муьрех цхьаъ.

-ахь хаза дешнашца кхета йо со, Тамирлан, со реза ю ахь бохучунна.
— Хьо реза елахь, кхана хьоьгара кар-хум хьа эца вогIур ву со.

Дог детлора са ара дала долуш, гIоччу хIуман ойла ян ца лаьара суна. Ас бина харжам Делан дуьхьа бина, со сатесна ю диканна.
Ткъа сай нене муха эр ду ас и? И реза хир юй-те, ца хаа суна. Кар-хум елчул тIаьхьа эр ду ас цуьнга и. Кхоьру со, цо эр долчух сайна.

ШолгIачу дийнахь веара Тамирлан. Хаза кечъелла тIеяхара со. «Кар луш йолу хIум хьа лой ахь», — элир цо, реза а йолуш луш юй ахь и, аьлла.
— Реза йолуш луш ю, Дала барт цхьаъ бойла вайшин, — аьлла, да елира ас.
Хаза видео, сурт-хума йокхуш, хаза дуьйцуш, жимма ах сахьт хан цхьаьна яьккхира оха. Сих дIаваха везаш вара и. Генар веана вара, массийтта юрт дехьара. (Юрт муьлха ю, эр ду ас, жимма хар яздар гена даьлча).

Суьйрана нана цIа еара. Цуьнга забарш еш ала дезаш яра со, айса динарг дIа а дуьйцуш:
— Нана, ас кар-хум елла.
— ХIун дуьйцу ахь? ХIун кар-хум елла? Хьан елла? Соьга дага а ца яьлла, хьайгара хIумнаш хIунда леладо ахь? Маца елла ахь и?!
— Тахана елла.

Сай нанаца чIогIа дов делира. «Генар ву и, массийтта юрт дехьара, хIун нах бу ца хаа хьуна уьш войзана бутт а бац хьуна, и хIунда елла ахь? Хьайгара хIумнаш хIунда леладо ахьа? Хьуна моьтту-кх генахь ду-кх, хьо г1ур ю бохуш дерг бакъ дац-кх, сатийса ца оьшу-кх. ХIинца бен дIадаьлла ма дац хьа вукхуьнца дерг, хьайн бина тешам бехк бицбелла хьуна. Хьо ма чIогIа Iехаелла, ахь хIун леладо, ойла е айхьа лелочун! Соьга ахь кхин цхьа а хIума хьахье оцунах лаьцна, хир долуш захло дац!» — суна дукха чIогIа мохь хьоькхуш, дов дина, со г1аьхьчулла а елхош, дIаяхара нана.

Нанас аьлларг, цуьнан доггах кхоьруш аьлла дешнаш, сан дагчохь цIе санна лелхаш дара. Иза бакъ хила тарлора, амма сан дог кхин цхьаьннах тешаш дара, Тамирланан бIаьргаш чохь ас динарг харц хила йиш яцара.

Сарахь, малх чубузуш, телефон чухула хаам кхечира цуьнгара: «Муха ду хьан хьал? Нана реза хиллий?» Со жоп дала ца хьаьжира. ХIун эр дара ас? «Сан нана реза яц, хьоьх тешаш яц, хьо генахь ву бохуш, соьга мохь туьйхира» — аьлла, цуьнан дог дохо лаара суна? Я, хIинцале а сан дагчохь кхоллаелла йолу и ирсе ойла, нанас аьллачу дешнаша хIаллакьян йиш яра.

Со кхетара, нана сан дикане хьоьжуш юйла, амма оцу минотехь суна иза сан ирсан дуьхьал лаьтташ санна хийтира. Сан дагчохь къийсам бара: цхьа агIор — нана, цуьнан хьекъал а, кхерам а; вукха агIор — Тамирлан, цуьнан хаза дешнаш а, ас бина харжам а.

ТIехь-тIехьа ойланаш кIорге йоьдура. Тамирланца хилла и ах сахьт, цуьнан къамел, цуьнан лелар — дерриг а суна хIинца гIан санна гора. Нанас аьллачу дешнаша, «тешам бехк бицбелла хьуна» бохучу дешнаша, сан дог хьаькхира. Бакъ дуй те и? Со Iехаелла хир юй?