Даго хьийза йо со💔
ВорхIалгIа дакъа 🤍
Дерриге доьхнера суна, бIаьргара хи ца соцура са. Доьхнера суна шадерг а. ХIара дол дуьне сайн цхьаьннан дуьхьал даьлла хетара суна. Тамирланан жоп дала дезаш яра со, дог доьлхура са, хIун ала деза ца хаара суна. Саралц йилхира со, цуьнгара телефон хьа ца оьцуш.
Суьйрана яздира ас:
— Тамирлан, суьйре дика йойла хьа, доьхна са дерриге. Нана реза яц са, генахь долу захло ша хуьлийтар дац бах, са дас «генар захло хир долуш дац» аьлла бах. (
— Баккхий нах бахкитча реза хир бу аьлла хета суна уьш, генар баьхкина хилча дуьхьло хир яц аьлла хета суна. Хьажа деза вайшиъ нах бахкита. ХIун аьлла хета хьуна, хьоьх доьзна ду хIара, хьо реза елахь?!
— Суна ца хаа, Тамирлан, сайн да войза суна, магийтар дац суна иштта хIума дича, шайн дуьхьал яьлла бохур ду со. Делахь, хIун дан деза ца хаа суна. )
— Дала яздинаг хир ду окхунах, Элиза, рицкъ дег хир ду. Бахьана вай лело дезаш ду. Дала «дог ма дилла» аьлла, «бахьана леладе» аьлла.
— Бакъ ду из. Нах бохуш бу аьлла ала деза са, Тамирлан, ойла ян еза оцу хIуманах, жимма ахь сабар дича, хIума дайтача вайшинги.
— Дика ду тIаккха, хьа лаамехь хьовсур ду вай. Самагат делахьни, диканиг хир ду окхунах. Хьай дIайижий садаI, елха ма елха.
— Дика ду тIаккха. Буьйса декъал йойла хьа! ❤️
— Амин, хьаъ йойла из! ❤️
Наб ца кхетара суна, дог Iийжара са, дог доьлхура са, сингаттам бара соьгахь. Са нана бакъ ю техьа? Нисса лоь техьа из?
Къаьсттина сайн да-нана дагадогIуш, дог кхин а чIогIа Iийжара. Цара со кхиийна, сан хьокъехь доккха дог долуш, хIора дийнахь сан ирсана сатуьйсуш баьхна уьш. ХIинца, Тамирланца йолу юкъаметтиг хьалха хIоттийначу хенахь, со царна дуьхьал яьллачух тера хеттара суна. Цаьрга хIун эр ду? Муха эр ду? «Сан деган безам бу и» аьлча, цара тIеоьцур ю теша? Я, «хьо кхин а жима ю, хьан дахаран некъ хьалха бу» аьлла, со сацалур ю теша?
Ойланаш цхьаьна агIор, Тамирланан дешнаш вукху агIор — сайн дагчохь къийсам бара. Цо аьллачу дешнаша, «бахьана леладе» бохучу хьехамо, жимма сапаргIатъяьккхинехь а, кхерам соьгахь бара. ХIора буьйса, хIора минот сайн да-нанан бIаьргашка хьоьжуш, со царна хьалха йицлуш яра. Цара соьга хьоьжуш, хIун ойла йо теша? «Вайн йоI кхиъна, хIинца цуьнан шен дахар хила деза» олий теша, я «вайгара дIаяла кечъелла» олий теша?
Ишта ойланаш еш наб кхийтара суна. 1уьйран со сам яьлча, нанас: «Чай малий, вайшим хьо балха да яхле», — элир соьга. Дог тохаделира са, мола аьлла, хьалг1аьттира со.