Вайшин дахар цхьан кхета хан❣️
Хьалхара дакъа 🤍
Иза дара 12-чу октябрехь. Соьга са методисто (университетехь доьшуш ю со) хаам бира: «Элиза, хьа группехь цхьа к1ант ву, переводить вина, цунна т1е а г1ой, дерриг д1адийца дешарах лаьцна», — аьлла. Ас хаам бира цуьнга телефон чухул:
— Буьйса дика йойла! Со шун староста ю. Методисто элира соьга хьоьца з1ене яла аьлла. Хьо доьшучу хьа лелар воьлш вуй? Ц1е муха ю хьа?
— Дала езийла, хьаъ хийла! Тамирлан олу соьх. Дагахьам ву со хьалела, амма х1ун дан деза ца хаарна жимма т1аьхьа висира со.
— Хьо бакъдолуш хьалела воьлш велахь, ас дерриг дуьйцур ду хьоьга.
— Да, хьалела воьлш ву.
Иштта д1адоладели тхан довзар. Шолг1ачу дийнахь со балхара ц1а йог1уш, з1ене елира Тамирланц:
— Де дика дойла! Хьа х1ун хилир? Хьо доьшучу вахарий?
Жоп ца луш суьйре елира, т1аккха сообщ еара соьга:
— Дала езийла, хьаъ хийла, суьйре дика! Х1умма а ца дира ас, вахар ца хилир сан. Д1авокхурам, вац цар со?
— Вокхур вац. Хьайн т1е г1ой, х1ун ду хьажа. Цигахь соьга хоттахь, вай методисто х1ун хилир аьлла, атта хир дара суна цуьнга д1аала!
— Хорошо. Хьожур ву-кх со кхана ваха цига.
Шолг1ачу дийнахь цо яздира соьга, со балхахь йолуш:
— Де дика дойла, хьа Элиза! Ваха воьлш вара со цига, сайца цхьаъ вигча атта хир дара суна, сайн д1аяла сессийн дакъош аьлла.
Жоп дала аьтто бацара сан, х1унда аьлча сан урокаш яра (со школехь хьехархочун болх беш яра). Ц1а йог1уш яздира ас цуьнга:
— Дала везийла! Сих елла яра со, урокаш дукха йолуш, чуяла аьтто ца хилир. Хьа х1ун хилир, вахарий хьо?
— Аа, хьо хьехархочун болх беш ю? Ца вахара со цига, ахь жоп ца делча 1ад 1ийра со.
— Вай, ахь хаза дуьйцу, ца вахара тов! Ваха везаш ма вара хьо цига. Хаъ, школехь ю со, хьехархочун болх беш!
— Строгий хир ю-кх хьо берашца, дов ма де, суна!
— Дов деш яц со, просто ваха везаш ма вара хьо, дукха вахаг (хал характер йолуш стаг ма ю со).
— ГIур ву со, чекхдоккхур ду ас и гIулкх.
— Дика ду т1акха!
Хан елира оцу юкъе масситта сахьт. Ас ватцап чохь статус кхоьссира, цунна «ответ» дин, связи велара и соьца:
— Хорш муьлш бу хьа?
— Подругаш бу уллера.
— ТIе кхоьссин зурме хьажа цо ткъа! ))
— Хаза ю-кх и, хIу хилла?
— ХIума ца хилла, забре ю хьо чIогIа! ))
Язош Iийра тхойшиъ, дIадуьйшу хан кхачалц. Забре вара Тамирлан, чIогIа самукъадолура тха къамел деш хеннахь. ХIора дийнахь язйора тхаьшшим. Дойзина 6 де бен дацара.
18 октябрехь сарахь Тамирланс яздира соьга: