Страница 1 из 1
Бабийца йаьхьна бералла
11 января 2025, 16:07
Тийналлехь и сахьтан цхьамза,
бабийн кхачийн хьожанаш.
Хьаббаргех тхо хийла ловзар,
х|инца а диссина дага чохь сан.
Бабас буьйсанна доьшу туьйранаш,
х|инца а дага оьхуш ду.
Дуьххьара гича, лекхна эшар,
бабас х|инца а лоькхуш йу.
Лайн межаргех хийла ловзуш,
бабас шел ма лолаш олуш,
йахна хан йара уггара хьоме,
цу хенел хир йоцуш хьоме,
Бабийца йаьхьна «бералла»...
𝐘𝐚𝐬𝐦𝐢𝐧ᵏʰᵃⁿᵃʸᵉᵛᵃ